ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркера Коннектикут штатера юьхьанцара школехь 26 стаг вийна. Царах 20 бер ду.


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Обама Барака бахарехь, политикан къийсадаларш Iад а дитина, цхьанабертахь ладаме гIулч яккха еза Iамеркахоша, Коннектикут штатера юьхьанцара школехь 26 стаг вийначул тIаьхьа. Байинчарах 20 бер ду.
Телевизионехула къамел деш хилла Iамеркан президент, халла бIаьрхиш сецош вара. Iамеркахойн «дегнаш доьхна» элира цо. Тезетан денош карарчу ГIуран беттан 18 де тIекхаччалц хир ду.

ХIокху шарахь Iамеркехь герз а детташ, адамаш дайаран могIарехь уггар а ирча бохам бу Саьнди Хук цIе йолчу юьхьанцара школехь хилларг.

Полицин хьесапехь, герз диттинарг ву 20 шо долу Ланца Адам. Шен ненаца дов даьллачул тIаьхьа, цIахь иза а йийна, цул тIаьхьа, школехь нах байина цо. Юха ша шена а тоьхна, велла. Дийцарехь, иза коьртана моуг воцуш хилла.

Дуьненаюкъара лидерша, паччахь Элизабета а цхьана, шайна халахетар довзийтина хиллачуьн хьокъехь.
XS
SM
MD
LG