ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Динех лаьцна таллам бина Iамеркера социологийн тобано


Кху дуьнентIехь бехаш уггара дукха нах бу керстанаш. Цу тайпа жамI дина Вашингтонехь туп тоьхначу Pew Research Center олучу тобано.

230 пачхьалкхара бахархой лараран жамIаш теллича царна гучудаьлларг ду керстанан дин лелош ву аьлла, жоп делларг 2 миллиард 200 сов миллион стаг хилар. Иза кхолагIа дакъа ду кху дуьнентIехь долчу адамех.

ШолгIачу меттехь бу бусулбанаш – цхьа миллиард 600 миллион стаг. Шаьш индуисташ лоруш бу миллиард хиллал нах.
XS
SM
MD
LG