«Правовая инициатива по России» олучу бакъонашларъярхойн организацина махкахь болх бар дихкина Москох гIалин суьдо. Цунах лаьцна ИТАР-ТАСС агенталле хаам бина Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхочо Чиков Павела.
Цо дийцарехь, «Правовая инициатива» уггар ницкъ болу бакъонашларъярхойн вовшахтохаралла яра Оьрсийчохь карарчу хенахь болх беш йолу. Цо гIо дора бахархошна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле латкъамаш кечбеш. Цу организацино гIо а деш Страсбургерчу кхелехь толам баьккхинера 200 сов гIуллакхехь.