2012-чу шарахь уггаре билгалваьлла стаг Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама Барак хаьржина Iамеркерчу девзаш долчу Time -журналан редакцино. Цунах лаьцна хаам бина журнало Кхаарин дийнахь.
ТIаьххьарчу муьрехь и цIе лело хьакх ду аьлла билгалбаьхначу нахана юкъахь яра Пакистанера жигархо Юсафзай Малала а, Мисаран президент Мурси Мухьаммад а, Iамеркера политикаш Клинтон Билл а, ХIиллари а, Yahoo! цIе йолчу интернет компанин куьйгалхо йолу Майер Марисса а, ткъа иштта Apple-корпорацин куьйгалхо Кук Тим а.
Шеран чохь уггаре билгалваьлла стаг дуьххьара хоржуш вац Обама Барак цу журнало. И цIе цунна еллера 2008-чу шарахь а.