ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Прохоров: Пачхьалкхан Дума уггара ледара политикан зIе ю Оьрсийчохь


Шен гуьйренан сесси дIаерзийна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо. Шаьш бинчу белхан жамIаш деш, Думан спикеро Нарышкин Сергейс дIахьедар дира, депутаташ дакъа а лоцуш, махкара бакъонийн система кхечу пачхьалкхашкарчу цу кеппарчу институтшца къовса яла йиш йолуш хилийтар коьрта Iалашо ю шайн аьлла.

ИТАР-ТАСС агенталлехь хиллачу зрбан конференцехь вист хуьлуш, «Гражданская платформа» партин лидеро Прохоров Михаила дIахьедар дина, Пачхьалкхан Дума махкахь уггара ледара политикан зIе ю аьлла. Цунна хетарехь, 70 процент депутаташ болх беш бу Iедална а, президентан администрацина а, кхи йолчу официалана структурашна а луург деш.
XS
SM
MD
LG