ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьждигана а, синагогина а тIе свастикаш ехкина ши стаг чувоьллина Иркутскехь


Цхьа шо бархI бутт хIоранна а хан а тоьхна, ши студент чувоьллина Иркутскехь, вандализм лелийна аьлла. Яханчу аьхка царшимма свастикаш ехкинера синагогина а, маьждигана а тIе.

Меттигерчу прокуратуро бинчу хаамца, цу шина стага дIахьедар дина, шаьшшиъ хьажа лууш вара юкъараллина хIу хетар ду шаьшшима иза дича аьлла. Амма студенташа даре дина и зулам дарна шаьшшиъ бехке хилар.
XS
SM
MD
LG