ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Паспортах лаьцна керла низам кечдина коммунисташа


Оьрсийчоьнан Коммунистийн партин Пачхьалкхан Думехь йолчу фракцин декъашхочо Плетнева Тамарас низаман проект кечйина Оьрсийчоьнан махкахочуьнан паспортах лаьцна йолу.

Цу тIехь, масала, дуьйцуш ду цу документ тIехь къомах мила ву боху графа юха а юкъаякка езаш хиларх лаьцна. Цу низаман проектаца а догIуш, иза дан аьтто хир бу луучуьнан.

«За права человека» цIе йолчу ОЬрсийчурча бакъонашларъярхойн боламан лидерна Пономарев Левна хетарехь, коммунисташ дина долу хьалхататтар кхераме ду, цо къаьмнашца йоьзна проблема чолхечу яккха мегаш хиларна.
XS
SM
MD
LG