БΙе гергга стаг вийна кΙирандийнахь Шемарчу ХΙама къоштарчу ХΙалфайъа-юьртахь Ιедалан тΙеман кеманаша бепиг эца нах гулбеллачу куьрканашна тΙе бомбанаш а йиттина. Иштта ши бΙе гергга стаг велла боьдучу тΙеман декъахошлахь а.
Оцу юкъанна оршотдийнахь мехкан президентца Асад Башарца бертан къамел деш вара Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин а, Ιаьрба мехкийн Лиган а векал волу БрахΙими ИбрахΙим. Церан къамел цкъачунна даржонза ду хаамашлахь.