Шинарий дийнахь Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташоно къобалдина парламенто Ιаьмеркан Цхьаьанатоьхначу Штатийн Конгрессо арахецначу «Магнитскийн тептарна» дуьхьал Ιаьмеркахошна Оьрсийчуьра бераш кхаба дига доьхку низам.
«Магнитскин тептаро» демократина дуьхьал лаьтта оьрсийн политикаш емал а беш, царна Штаташка бахар а, цигарчу банкашкахь ахча латтор а доьхкуш хиллехь, Оьрсийчоьно шен заьΙапа бераш лечу хьоле дохуш ду, аьлла, ойла яьржина Оьрсийчоьнан а, Ιаьмеркан а бахархошлахь.
Ιамеркан Ιедалша тергоне эцна оцу хьокъехь шайн бахархошна хетарг, дийцаре деш ду хаттар Конгрессехь, ткъа Кремло цхьа а жоп ца делла Москох парламенто хΙинцца тΙеэцначу низамна дуьхьал хилар хоуьйтуш наха шега дΙакхачийначу 100 эзар сов наха куьйгаш бухахь а долуш дахьийтинчу кехатна.