ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иза хьанна хIуьттаре ю?



Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташоно къобал дина парламентан лахарчу палатано, пачхьалкхан Думано, тIеэцна Оьрсийчуьра кхечу мехкашка кхаба бераш дΙадалар доьхку низам. Иза бутт хьалха Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессо арахецначу, шех «Магнитскийн акт» олучу низамна дуьхьал даьккхина ду.

Конгрессо шен низам адамашна демократи эшочу оьрсийн хьаькамашна дуьхьал дерзийна делахь, хΙинца Москох арадаьккхинчу низамо некъ боьхку Оьрсийчуьрчу заьΙап берашна дозанал арахьа къинхетаме да-нана карорна а, даха йолчу бакъонна а. Низам шен рогΙехь кхача деза президентан Путин Владимиран стоьла тΙе. Цунах дозу хΙинца лелар ду берех долу низам я дац бохург. Оцу темица доьзна оха алссам дуьйцур ду керланаш чекхдевлчча.
XS
SM
MD
LG