ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадна дарж дитар хьоьху



Дуьненаюкъарчу хьукматийн векал волчу БрахΙими Лахьдара Шема кхойкху ханна керла Ιедал шен коьрте хаоре, цуьнга бакъ Ιедал харжжалц болх байтаре. Еарий дийнахь президентца Асад Башарца цхьаьнакхетар хилира БрахΙимин. Цо цуьнга а дΙакъадийна и шен ойла.

Оцу юкъанна оьрсийн арахьарчу министраллан пресс-секретара Лукашевич Александра дΙакхайкхийна, Асаде Ιедал охьатаса бохург дуьненаюкъара низамаш талхош къамел ду, аьлла. Шоьтан дийнахь Оьрсийчоьнан дипломатин хΙусаман да Лавров Сергей ву Шемин арахьарчу гΙуллакхийн министрца Макдад Фейсалца цхьанакхеташ. Иштт кеста къамелаш хила деза шемара хьал дийцаре деш Москоханний, Вашингтонанний.
XS
SM
MD
LG