ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Еарин буса вийна Къилбаседа ХIирийчоьнан муфтин когаметта Дударов ИбрехIим


Къилбаседа ХIирийчоь - муфтин когаметта Дударов ИбрехIим
Къилбаседа ХIирийчоь - муфтин когаметта Дударов ИбрехIим

Еарин буса вийна Къилбаседа ХIирийчоьнан муфтин когаметта Дударов ИбрехIим. Ша вехачу Пригородни кIоштарчу Чми эвла воьдучу новкъахь иза саца а вина, цунна тIе герзаш диттина, бевзаш боцчу наха. Дийцарехь, герз диттинарш адамаш дойуш болу говзанчаш бу – иза билггал вен Iалашонца коьртах диттина герз.

Буса 11 долуш сацийнера шен цIа Чми эвла воьдучу Дударов ИбрехIиман «Волга». Нийсса коьртах а хьажийна диттина герз. Зулам динчу метте баьхкинчу бакъонийн органийн талламхошна ялх чов гира цуьнан дегIах.

Дударов Чми эвла дIакхелхина дукха хан ца хилла. Керла хIусам тоеш, юха нана могуш йоцуш, юха дукха хан йоццуш йоI а йина, балхана жимма йистах ваьлла Кълбаседа ХIирийчоьнан муфтин когаметта. Цуьнан диъ бер дисина – 4 йоI. Йоккхах ерг хьалхарчу классехь доьшуш ю. Жимах ерг дуьненчу яьлла бутт а ца кхаьчна.

Дийцарехь, иза санна дешна цхьаа ца хилла цу махкахь. СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь Эр-Риадехь Исламан университет чекхяьккхина цо. ХIирийн республикан муфтин когаметтан даржехь волуш цунна тIехь хилла кхетош-кхиора белхаш дIакхехьар.

Цоков Феликса 20 шарахь болх бина Къилбаседа ХIирийчоьнан Талламан хьукхматашкахь адамаш дайар талларан декъан куьйгалхочуьн даржехь. Шарахь сов болх бина цо Бусубанийн Динан Урхаллехь Дударов ИбрехIимца цхьаьна. ИбрехIиман балхах лаьцна телефонехула тхан хиллачу къамелехь цо дийцира.

Цоков Феликс: Суна хаьа цIена ислам дохьуш болу нах хьанна новкъа бу. 5-6 шарахь оцу даржехь ша волуш лекцеш ешна ИбрехIима. 58-чу оьрсийн эскарехь цхьана тIеман декъана тIаьххье вукха декъо а кхойкхуш ладегIна цуьнан хьехамашка. Чоьхьарчу ГIуллакхийн министраллин куьйгалло а кхайкхина, чоьхьарчу гIуллакхийн дакъошкахь хьехамаш бина цо. Школашкахь дийцара цо эвхьаза леларна, наркотикаш лелорна, маларш мийларна, бераш дIадахарна а дуьхьал. И лекцеш эххар а дIакъевлира.

Маршо радио: Оьрсийчура ницкъаллийн структурашкахь леррина ницкъаш бу боху Цоков Феликса бусулба динца къийсам латтош.

Цоков Феликс: Цигахь хуьлуш дерг хIун ду аьлчи, Оьрсийчура мел болчу бусулба нехан юкъараллашца хьулуш дерг ду. Бусулба динца беш болу тIом бу иза. Соьга хаьттича, Iедалан ницкъийн ши тоба ю Оьрсийчохь. Цхьа тоба пачхьалкхах дог лозуш ю. Важа цуьнан мостагIех лаьтташ ю.
Иза дуккха а нахана хууш ду. Оьрсийн журналиста Шевченко Максима а аьлла иза шен цхьана интервьюна тIехь "шена билггал хаьа, дукхах болу оьрсийн ницкъийн векалш арахьарчу, бусулба нах байарна тIехь доккха зеделларг долчу Къайлахчу Сервисо Iамош хиларх лаьцна.» Цул тIаьхьа цу тIехь хаарш алсамдаьхначу наха и керла говзалла вай нахана тIехь шаръйо.

Маршо радио: Оцу наха байа хоьржуш берш Дударов ИбрехIим санна хьекъале, дош лелаш болу бусулба векалш бу аьлла, цо тIетуьйхира.

Цоков Феликс: Шен шортта долчу хьекъалца, зе делларца бакъдерг нийсса дIаолучех вара ИбрехIим. Питанаш туьйсуш, хьал кего луучарна дуьхьало йора цо. Тхуна юкъа дукха баьхкина питанчаш. «Отуш, герз детташ, хIаллакбе...» бохурш бара уьш. Уьш оха билгалбахара. ИбрехIима гуламашкахь дIахьедарш дора "хьенех, минех а ву шуна ишта-ишта а дуьйцуш. Иза нийса лелаш вац, цуьнан питанашка ла ма догIалаш" бохуш. Цул тIаьхьа буса саца а вой, иза воь.

Маршо радио: Цоков Феликс шек ву хIара зулам динарш карорг хиларх. Аьлчи а, зулам динарш лохур бац, элира цо.

Цоков Феликс: Пачхьалкхан ницкъана зулам ца гича я цуьнга зулам динарг къаста ца велча – со пачхьалкхан ницкъийн декъан белхахо ву, цуьнан таронаш дика евза суна - оцу таронашца, экспертийн аьттонашца цуьнга зулам динарг лаха ца велча, суна цигахь леррина Iамийначу ницкъийн векалийн болх го. Церан болх, Оьрсийчоь йохор бу. Церан болх динашна, къаьмнашна юкъаъх питар тийсар а, самсадаккхар а бу. ХIунда аьлча Оьрсийчоьнан маьIданаш, хазна а лечкъош берш и нах бу.

Маршо радио: Къилбаседа Кавказехь юкъ-кара бойу муфтийш, церан когаметтанаш, дешна нах а. ХIокху карарчу шарахь а вийна маситта.
XS
SM
MD
LG