ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьал дерш - махкал арахьа, мисканаш - шайн цIахь, шайн... къеллехь


Керла шо даздеш кхуьйсу цlераш
Керла шо даздеш кхуьйсу цlераш

ТIаьхьа-тIаьхьа дахлуш догIу Оьрсийчохь Керла шо тIедеанчул тIаьхьа садаIа луш долу денош. ГIуран беттан юьххьехь дуьйна даздаршна кечлуш болх соцу Iедалийн хьукхматийн. Дечкен бутт юкъал а тIехэккха, пачхьалкхан дахар шен хорше дерзале. Хьал долу нах пачхьалкхал арабовлу. Йовхачу пачхьалкхашка малхехь баттабала я ког-салазаш хахка боьлху тоьллачу курорташка. Ткъа могIарерчу, дIасабаха таронаш йоцчу нахана бале долу дахделла садаIар.

Масех шо хьалха, Нохчийчохь, юхметтахIотторан белхаш жигарчу буоларца дIабоьдучохь, Керлачу шеран цхьа де бен мокъа ца лора, хIетта, мехка коьрте хIоьттинчу Кадыров Рамзана. Массу а даржхойн, шорта садаIаран денош хира ду бохуш Iийнаболу, болх бан дийзира, могIарерачу ражехь.

Амма, хIинца, Нохчийчохь, кхечанахь санна, пайда оьцуш бу наха, Керла шо тIедар даздарехь а, цуьнца доьзначу мокъачу денойх а. Ша верг, оцу гIуллаккхан реза ву олийла дац. Соьлжа-гIалахь вехачу Алиханна, шена оцу хьокъехь хетачуьнах лаьцна ишшта элира.

Алихан: «Дукха хилар дика-м дац иза, суна хетарехь. КIирнахь шина дийнахь чохь Iийча а, балх вах лууш а ма хуьлу. КIирнахь цIахь а Iийна, балха воьдуш хала хуьлу. Цхьаболу вайнех нахаца дуьстича, царна мал хаа. Массийта бIешарахь шай мала а молуш схьабогIучу царна хууш ма дай. Ткъа, вайчара, нахан молу, шайна ца молу. Церан цхьа дIоггара культура ю эра дац, вай санна цхьа чIагIбелла бац уьш».

Маршо радио: Нах кхеташ бац, ишшта а маларца боккха бала болчу пачхьалкхехь, хIунда дахдина и мокъа денош. Ша а ца кхета бохуш вара Алихан цIе йолу Соьлжа-гIалара вахархо. Нохчийчохь, Iаьмма а бац, садаIа а, ян садIаран кепаш лело а, элира цо.

Алихан: Шай цхьа талламан доьхь дина дацахь, суна-м ца хаа, цара ишшта дукха мокъа денош хIунда делла. Вай кхузара гIалара база йолчу а вахар со, сайн йоIца. Гуонахь дешан хи ду,цхьа а кечам бина хIума дац. Кхечанахь цхьа кечдина хIума хуьлу иза. Кхузахь, гуонаш догIуш бара нах, хехкалуш бу, пиражкеш а юуш, тIараш тоьхча. Хелха а буьйлу»

Маршо радио: Эльза цIе йолу зуда, шен доьзалца, деххачу шерашкахь, Оьрсийчохь яьхна ю. Керлачу шеран даздарш тIекхачара, шайна бала хуьлура бохуш яра иза. Тахъъана, шаьш цIа бирзина, синтем алсамо бу, элира цо.

Эльза: « Сайн доьзал а балош цIа еан дукха хан яц. Оьрсийчохь ехаш яра со хIинцалца. Цигахь бахархоша, Керла шо даздеш хьалхе дIабуьйлалой, динна баттахь сакъоьру. И къаьркъа молуш бутт дIаболу церан. ТIаккха, уьш метта ца богIёуш, кхиъ ши кIира долу.

Цу юкъан, некъа буохамаш а хуьлу церан. Тхайн лулахойн хъийла доьвнаш дуьйлуш, вовшах леташ, уьш вовшах баха гIерташ лелла тхо. Хийла урс а доккхий чу уьдуш меттиг а нисъелла. ЦIа даьхкичхьана, доккха саадьккхина оха».

Маршо радио: Керла шо тIедар, Совета заманахь дуьйна, деххачу мокъачу деношца билгладоккхуш хилла. Малар бен кхин дан хIума доцчу, наха,шай дахар,маларца тадан даиманна а хьовсуш хилла. Нохчий а бац, оцу юккъера бовлуш боху, Теркйистера Хьуьйсейна.

Хьуьсейн: «Мокъа денош хьалха а, деха хуьлура. Хьалха санна хIинца а молуш бу. Керла шо даздеш кхузахь а ма бар мелла нах. Сан лулахо а вара-кх, мел-мел, гIантан тIе вожжа а воьжжа, шен хIун хилла а ца хууш. Нохчаша а мелла, хIинца мала а молу, тIехь волчуьнна дисарна кхоьруш санна».

Маршо радио: ГIар-татта доккхуш мел долу хIума дукха деза нохчашна. Цундела, хIокху баттахь а, вукху баттахь а, бераш а, цхьаболу шовкъ тIера ца йолу баккхийчара а, лелхаш йолу хIумш кхуьссуш хан йойу. Индира цIе йолчу зудчунна хетарехь, берашна тIехь деш долу Iуналла лакхадаккха дезар дайш-наноша. Цунна шен кIант лазийна,цу тайпа оьккхург а кхетта.

Индира: « Шо хьалха магийна яцар, Керлачу шаран лелхуьйтуш йолу хIумш йохкар. Вай хьакамо аьлла дара иза. ХIинца, миччанхьа а уьш юьхкуш ю. Сан кIант, селхан шен ког а лазийна цIа веъна. Соьга хаьттича, и лелхаш йолу хIумш юьхкуьйтура яцара ас. Ла а ма ца ло нахе.КIорд ма дина иза. Арахь и гIовгIа моссуза хуьлу кхерало со. Даге ца лало. Тоьур дарпа, мел йиттинарг а».

Маршо радио: 10-12 дийнахь, Керла шо тIехкаьчарна тIедоьгIна долу, мокъа денош, дукха ду бохуш, Оьрсийчохь дуьйцу дикка хан ю. Кху шарахь, мокъа денош цхьана-шинна денна дацдина, амма, дуьззинчу бархI дийнахь садаI аьтто бу нехан. Стигалкъекъа баттахь къинхьегамхойн денна лерина аьлла, пхиъ дийнахь садоIура ду Оьрсийчоьнан бахархоша.

Цхьадолчу лараршца, Оьрсийчоьнан, Керлачу шарца доьзначу мокъачу денойн бахьна, федерала бюджете кхочура дац 200 миллиард сом. Ткъа, ша дерг хуьлуш долу зе вовшахтоьхча, и терахь хьалкхочу боху I триллион соьме.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG