ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу Iедалера зударий а бу бовдуш


Шема - Алеппохь бераш ду машенна тlехь доьлхуш, 02Деч2013
Шема - Алеппохь бераш ду машенна тlехь доьлхуш, 02Деч2013

Дукха Шемарчу Iедалехь хилла официала нах а, эскарехь болу эпсарш а дIакъаьстина Асадан Iедалера. ХIинцалц дIакъаьсташ хилларш божарий бара, суннийн бусулбанаш бара. ХIинца зударий а дIаэха буьйлабелла.


2012-чу шеран ГIуран баттахь, Шемарчу гIаттамхойн марша эскаро видио арахийцира Ал-Мийкъи Зубайда Шемарчу Iедалах дIакъаьстина аьлла. Ткъа, Ал-мийкъи ШиIат бусулба хилла ца Iаш, Шемарчу Iедал санна Iалави ШиIатах ю. Шайн дIакъастар бахьна дуьйцу Ал-Мийкъис.

Ал-Мийкъи: "Со Зубайда Мийкъи ю. Шемарчу Iедалан эскарехь полковник чинехь ю со. Iедало йоьхкина йолу Жолан ЧIапломера схьаяьлла ю. Асадан ямарт батальонех дIакъаьстина. Со Iедалах дIакъаьсташ йолу дуьххьарлера Iалави эпсар зуда ю. ХIара дIахьедар до ас, сан махкахой, сан тарийкъатера нах, хIинца Шеман чохь хуьлуш болу къийсам, зуламе Iедалан а, зулам хилла нахана юкъахь къийсам болу дера. И къийсам дин тобанашна а, кIезиг долчу къаьмнашна юкъахь цкъа а хилла бац, я хир а бац.

Iедало тайпанаш юкъахь питан дина, тайпанийн къийсам бан гIерта цунах, нехан гIаттам кара а берзийна бохам бархьамма. Шуна дIахаа ду, Шемара гIаттам, нехан сий а, маршо а, сийлалла а метта хIотто болийна гIаттам бу. Иза ю гIаттамхойн проект, зуламе Iедалин тайпанийн проект дуьхьал йолийна. Iедалера мах оьцуш, адамаш ца дайар доьху ас шуьга.

ТIаьххьара баркалла ала луур ду суна со Шемарчу зуламечу Iедалах дIакъаьсташ суна го динчу марша эскаран «Жуьнд АллахI» олу бакъ тIеман накъостийн батальонна. Царца го лаьцна Димашкъерчу гIаттамхойн кхеташонна.»

Маршо радио: Иштта дара полковник Ал-Мийкъи дIахьедар. Вуьшта, ГIуран 31-чу дийнахь. 2012-чу шарахь, цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацис а Iарбийн къаьмнийн кхеташоно векал вина Шема махкахь машар бан хьажийна волу геланчо, АлибрахIима Алахдара мисаран коьрта гIалахь, КъахIирехь вари дира,- Шемарчу къовсамхойн юкъахь машар ца хилахь, цигара хьал жоьжхате доьрзуш ду аьлла.

Иза дара, АлибрахIимис Москох цхьа де хьалха, Оьрсашца Шемарчу хьолах къамелаш диначул тIаьхь. ИбрахIимис КъахIирехь зорбанан конференцехь елира, Жинефа бартац йогIуш цхьа машаре план хIоьттина ша Оьрсашца аьлла. И план, цхьана ханна керла министраш хIиттош, Асад Iедалехь Iара ца Iара ца хьехадеш, шинхьачара герз деттар саца а деш, цул тIаьхьа, керла парламент я президент хоржур ву Шемарчу бахархоша.

Цуьнан дIахьедарна дуьхьал, Шемарчу коьрта министро, Ал-Хьалкъи Вайла, шаьш меттигера я дуьненюккъера хIуъу машаре плане ладогIа кийча ду аьлла дIахьедар дира.

Москоха, Асад дарж охьадилла реза вацахь, Шемара тIом машаре къамелашкахула саца балур бу аьлла хеташ ю. Делахь, Шеман дозанехь болу Турко махкан президент, Ордугана гIаттамхой тоьлур бу аьлла тешна ву.»
XS
SM
MD
LG