ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тунисехь дIахецна Харзи Iела


Тунисехь дIахецна Либехь Бенгази-гIалахь Iамеркан векалаллина тIелатар деш дакъалаьцна аьлла, дIалаьцна хилла волу меттигера вахархо Харзи Iела. Цуьнан адвокато дийцарехь, Тунисерчу кхело цу кепара сацам бина, и стаг бехке хиларан тоьшалла а ца карийна.

Цо дийцарехь, Харзина дихкина ду Тунисан коьртачу гIалара дIавахар. Цунна бехке дуьллуш ду кхин цхьа зулам - терроран тIелатарш деш дакъалацар. Бенгазерчу Iамеркан векалаллина тIелатар динера стохка Гезгмашин-беттан 11-чу дийнахь. И бахьана долуш зуламхоша вийра Либехь волу Iамеркан векал Стивенс Крис а, кхин а кхо Iамеркахо а.

Тунисан махкахо Харзи Iела дIалаьцнера Туркойчохь, иза цу зуламна бехке хила мега аьлла шеко йолуш. ТIаьхьо иза дIахьажийра Тунисе. Стохка ГIуран-баттахь Харзи левира Iамеркан талламан бюрон белхахоша.
XS
SM
MD
LG