'National Geographic' комиссин декъашхой хьажна 150 пачхьалкхара даийтинчу 22 000 сов сурте, царах тоьлларш къастош. Сурташ хоржуш дара кхаа номинацехь: Адамаш, Меттигаш, Iалам.
'National Geographic' 2012 къовсадаларан толамхой
1
Коьрта совгIат: "Эккхар". Сурт тIехь ду Таиландерчу Као-Кео цIе йолчу дийнатийн паркехь дехаш долу цIоькъалом. (Сурт даьккхинарг - Ashley Vincent)
2
"Меттигаш" олучу номинацехь хьалхара меттиг: Алпашкахь болу Маттерхон цIе йолу лам буьззина бутт кхеттачу буса, лаккхалла 4 278 метр. (Сурт даьккхинарг - Nenad Salijic)
3
"Адамаш" номинацехь хьалхара меттиг: "Нехаш кегочу нахана юкъахь", Кенехь, Найробина гена йоцуш йолу Дандора олучу меттигера нехаш дIакхийсуьйла. Суьйранна цигахь зударшна бакъо ло цхьацца хIуманаш схьалахьо. (Сурт даьккхинарг - Micah Albert)
4
Хьажархоша "Меттигаш" номинацехь бина харжам: "Айсбергийн таллархой". Ша каг а беш, шайна хи доккхуш Iедал ду меттигерчу инуитийн (эскимосийн). (Сурт даьккхинарг - Adam Coish)