ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бепиг даздаларан бахьана толлуш ю Нохчийчура прокуратура


Нохчийчохь бепиган мехаш хьаладовларан бахьанаш талла дагахь ю меттигера прокуратура. Цунах лаьцна хаам бина прокуратуран векло Дугаева Хьавас. Цо дийцарехь мехаш хаьладовларан бахьанаш теллинчул тIаьхьа оьшуш болу сацам бийр бу республикан прокуратуро.

Оха хьалхо дийцина ма-хиллара, хIара шо даладелчхьана цIеххьана хаьлабаьлла бепиган мах. Иштта, хIинццалц 15 сом доккхуш хиллачу бепиган булканах хIинца доккху ши туьма.
XS
SM
MD
LG