ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Базархойн протест лаьтта Бакох



Бакох полицино, бΙаьргех хи доккху газ а яржош, гΙажмаш а етташ, дΙасалаьхкина цигарчу базаршкахь йохкархойн меттигашна тΙера йоккхцу ял естор ца тайна арабевлла нах. Цигарчу Маршо Радион сервисо тоьшалла дарехь, гуламе ваьлларг вара 1000 гергга протестхо. Ала дашна, Бакох «Бина» олучу базарахь хΙума йохка стаг дΙахΙуттийла ду 300 доллар баттахь делча. И кеп чΙагΙъеш низам а тΙеэйна Азербайджанехь. Гуламхойн агΙо лоцуш Бакох баккхалш латточу 5000 йохкархочо а сацийнера шайн болх шоьтан дийнахь.
XS
SM
MD
LG