ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Социал-демократ Земан Милош тоьлла Чехин рогIера президентан харжамашкахь


Тахана дIабирзина пIераскан дийнахь дуьйна Чехин президент хоржуш хилла харжамийн шолгIа мур. Тоьлла социал-демократ Земан Милош.

Премьер-министр лаьттинчу Земан Милошах 55,47% кхаьжнаш тесний къаьстина 96% ша долу кхаьжнаш дагардина девллачул тIаьхьа. Чехин вице-премьер а, арахьарчу гIуллакхийн министр а волчу консерваторх Шварценберг Карлах 44,53%.

Дечкен беттан 11-чий, 12-чий деношкахь хиллачу харжамийн хьалхарчу муьрехь Земанах 24% кхаьжнаш тесира. Шварценбергехьа – 23%.

Карарчу хенахь Пражски ХIрад олучу президентан гIалахь урхалла дечу Клаус Вацлаван президенталлин хан Зазадоккху-беттан 7-чу дийнахь чекхйолуш ю.

Къомо ша шен президент дуьххьара хаьржина Чехехь. Коьртачу декъана, пачхьалкх дIагайтаран декхарш тIехь долу президент, хIинццалц парламенто къастош вара.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG