ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ереванехь тIелетар дина меттигерчу политикана


Ереванехь Еарин сарахь тIелатар дина Эрмалойчоьнан президентан харжамашкахь кандидат волчу Айрикян Паруйрана. Белашах тапча а кхетта, дарбанан хIусамехь ву иза. Лоьраша дийцарехь Айрикянан дахар кхерамехь дац.

Эрмалойчоьнан президентан аппаратан куьйгалхочунна Сарксисян Вигенна хетарехь, и тIелатар политикан бух болуш ду. Зуламхо карийна вац. Президентан харжамш хила безаш бу Эрмалойчохь кху беттан 18-чу дийнахь.
XS
SM
MD
LG