ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь маслаIатан комисси кхолла дагахь ву Абдулатипов


Республикан маслаIатан комисси кхолла сацам бина Дагестанехь. Меттигерчу Черновик-газето дийцарехь, иза оьшуш хиларх лаьцна дIахьедар дина ПIераскан дийнахь муниципалан а, гIалийн а гонийн куьйгалхойн кхеташонехь вист хуьлуш Дагестанан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш дечу Абдулатипов Рамазана.

Цунна хетарехь, республикерчу тIемалой маьрша дахаре юхаберехула йолчу комиссино шега далуш дерг дина. Керлачу комиссин декъашхоша болх бийра бу нахана юкъахь терроризм сацор Iалашонца аьлла, хета Дагестанан куьйгалхочунна.
XS
SM
MD
LG