ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

11 нохчо махкара араваьккхина Австрино


Австри -- шаьш Нохчийчу юхахьийсорна духьал мухIажирша хIоттийначу гуламехь, 2012
Австри -- шаьш Нохчийчу юхахьийсорна духьал мухIажирша хIоттийначу гуламехь, 2012

Цхьайта стаг кху деношкахь Оьрсийчу ницкъаша дΙахьажийна Австрерчу Ιедалша. Леррина кема а лаьцна, Москоха новкъа бехира уьш, церан тховкΙело йоьхуш динчу дехаршна дацаре жоп деллачу меттигерчу мухΙажарийн хьукмато.



Нохчийн мухIажирш тIехь болу кема Москохарчу Домодедово аэропортехь оьхьадоьссира. Цигахь, нагахь санна уьш я царех цхьаъ оьрсийн полисхоша лоцуш хилахь а, аьлла, само ян, царна дуьхьал баханера „Гражданское содействие“ цхьанакхетараллин векалш. Цу юкъараллин куьйгалхочун гIовса Буртина Еленас дийцарехь, цаьрга хьалххе хаам бина хиллера, Австрерчу Iедалхоша бIе нохчийн мухIажирна лерина кема кечдина хиларх лаьцна.

Оццул дукха мухIажирш цIехьа хьовсийначу хьолехь оьрсийн Iедалхошна атта хир дара царех цхьаъ-шиъ я масех, кхин башха дукха шайна тIе тидам а ца бохуьйтуш, юьстахваккха а, лаца а, аьлла, тешна бара бакъоларъярхой, цундела дара уьш аэропорте Австрера догIучу кеманна дуьхьалбахар.

Амма Москоха араваьккхинарг 11 стаг бен ца хилира.

Буртина Елена цецъялла ю демократин пачхьалкх ларалучу Австрин Iедалш Нохчийчуьрчу мухIажиршца сел луьра хиларх.

Буртина: „И нах арабахаран хьелаш муха дара бохучунна тIе тидам бахийтинера оха. Ткъа и хьелаш вуно башха дара, ницкъ барца доьзна а дара. Вуно луьра а, дера а арабаьхна и нах. Со, масала, дукха чIогIа цецъялла ю-кх, кхиина пачхьалкх лоруш йолчу Австрехь и тайпа хIума леладан йиш хиларх.

Нахана шайн хIуманаш схьаэца а, кечамбан бакъо а ца луш, я, мел дукха хан елча а, эха сохьтехь бен цаьрга шайн сал-пал схьа ца гулбойтуш, дина ду и хIума. Цхьана йоIе-м цара эццане а цхьа а хIума схьа ца эцийтина. Полици лаца еъначу мIаьргонехь шен цIийна хьалха нисъелла иза, ур-аталлла шен тIоьрмиг схьа ца оьцуьйтуш, шена тIехь йолчу хIуманашца, лаца а лаьцна, араяьккхина. Цхьана тамашеначу, цхьа а бахьана а доцучу къизаллица дина ду и хIума. Цхьа а гуманитаран бахьанаш тергал а ца деш“.

Тайп-тайпана бу цу нехан кхолламаш а, уьш Австре кхачийна хилла некъаш а. Масех бутт цу махкахь бен ца баьькхинарш а бу, иттех шарахь цигахь Iийча а, тховкIело ца луш, арабаьхнарш а бу царна юкъехь.

Султан цIе йолу жима стаг ворхI шарахь ваьхнера Венехь. Европе схьавогIучу хенахь ларамза доьзалца къаьстина волу иза Австре кхаьчнера, ткъа цуьнан хIусамнана а, бераш а – Франце.

ХIетахь дуьйна, низамца догIуш ма-хиллара, шен доьзалца цхьанакхетаре хьоьжуш волчу цо немцойн мотт а Iамийнера, шен долахь фирма схьа а йиллина, болх беш а вара, Австрин Iедална ясакх а луш. Масех де хьалха, сахуьлучу хенахь, цIеххьана цуьнан неIаре хIиттинчу полисхоша ур-аттала кога пазаташ йоха а ца вуьтуш, аэропорте дIавигна иза. Болх а, хIусам а, шиъ машен а Венехь а юьссуш, Москох дIавигина, охьавоссийна.

БIе стагана кема Австрин Iедалхоша кечдина хилла хилар ларамза дац. ЖамIехь Москох дIакхачинчарел дуккха а дукха нохчийн мухIажирш хила а хилла полисхоша арабаха кечбина. Амма дукхахберш, шайна депортаци ян гIертийла хиича, бевдда кIелхьарабевлла, бохуш, дуьйцу Австрерчу нохчийн жигархочо Банжаев Вахас.

Банжаев: „Цхьаццаберш, шаьш ара цабахийта, бевдда Германе а, Франце а дехьабевлла. Соьга телефон тоьхнера цхьана кIанта, ша шен доьзалца Германе дехьаволуш ву, шена орцахваккха хьуна вевзаш стаг велахь, иза шен гIуллакхна араваккхахьара ахь, аьлла. Цо ша кхин а зIене вер ву аьллера, амма мел ас телефон дIаеттарх, схьаоьцуш вац иза, я зIене волуш а вац. Цуьнга ладоьгIуш Iаш ву-кх со хIетахь дуьйна“.

Хьахон догIу, тIаьхьарчу хенахь дуккхаъчу Европерчу пачхьалкхашкара нохчийн мухIажиршна депортацеш а еш, уьш цIехьа хьежош хилар. Хийла хилла и саннарг Германехь а, Белгехь а, Норвегехь а шерашкахь баьхначу вайн махкахошна. Амма уггаре а чIогIа цу некъа тIехь коьртахъяьлларг ю Австри.

КIира хьалха Австрин Оьрсийчуьра векал йолу Маргот Клестиль-Лёффлер цхьанакхеттера Соьлжа-гIаларчу делегацица, шена юкъахь парламентан декъашхой а, арахьарчу зIенийн департаментан белхахой а болуш.

Ларамаза дуй те и цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа нохчийн мухIажирш Австрера арабахаран керла тулгIе дIайолаялар? Мухха а делахь а, цу Альпашкарчу пачхьалкхехь бехачу вайнахалахь баккхий кхерамаш баьржина. Даьржина иштта цу кхерамаша кхоьллина долу эладиттанаш а.

ТIаьхьара эладитта ду иштта: Нохчийчоьнан куьйгалхо Венерчу аэропорте кхаччалц схьа а веъна, кеманара охьа а ца вуссуш, цIехьа хьажо безачу нохчийн цIераш тIехь йолчу кехатна куьг а таIийна, дIавахана бохург.

Ойла йича, цхьа а маьIна доцучу цу эладиттах дуккха а нах теша а тешаш, иза вовшашка цара дуьйцуш хиларо гойту мухIажиршлахь шаьш цIехьа хьажорах болу кхерам мел боккха бу.
XS
SM
MD
LG