ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Hermitage Capital фондан куьйгалхо кхеле озо гIерташ ю Оьрсийчохь.


Hermitage Capital олучу инвестицин фондан куьйгалхочун Браудер Уильяман дуьхьал бехк-такхаман гIуллакх схьадиллина Оьрсийчохь. Цунна бехке дуьллуш ду кхо миллиард сом барамехь бозбунчалла лелор. Талламхоша дийцарехь, Браудера, низам а дохош, оьцуш хилла «Газпром» акциш.

Амма фондан куьйгалхошна хетарехь, Браудерна дуьхьал бехк-такхаман гIуллакх схьаделларан Iалашо ю Европерчу пачхьалкхашкахь а «Магнитскийн акт» олу низам тIеэцарна новкъарло яр. Iамеркехь тIеэцначу цу низамца а догIуш, санкциш кхайкхийна Hermitage Capital фондан юрист Магнитский Сергей талламан изолятор чохь валарна бехке болчу нахана дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG