ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара махкахваьлла цхьа миллион сов стаг


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло далочу терахьшца, цхьа миллион сов стаг махкахваьлла Шемахь конфликт йолаелчул тIаьхьа. Царах ах хиллал бераш ду. Кхин а масийтта миллион стаг цIера ваьлла, шайн хIусамаш а юьтуш.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан мухIажирашкахула волчу векло Гуттереш Антониос динчу дIахьедарехь аьлла ду, и пачхьалкх инзаре бохам тIе йоьдуш ю аьлла. Цунна хетарехь Шемара трагеди катоьхна сацо езаш ю.

Дукхах болу Шемара мухIажираш дIатарбелла Либанехь а, Урданехь а, Туркойчохь а, Иракъехь а, Мисарахь а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG