ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Палестинин а, Израилан а машаран дагадовларш карладохуш накъосталла дан дагахь ю Москох


Тахана Москох шен оьрсийн президентца Путин Владимирца хиллачу цхьанакхетарехь, хIокху шарахь Израилца долу машаран дагадовларш караладаха лууш вара ша аьлла Палестинин куьйгалхочо Iаббас Махьмуда. Амма, уьш караладахарх башха догдохийла яц, аьлла.

Шаьш шайн карахь мел дерг дийр ду иза кхочушхилийта элира, шен агIора, Путин Владимира.

Машаран дагадовлраш юкъахдевлира 2010 шарахь. Палестина дуьхьала яра, Израило шн дIалаьцначу латтанаш тIехь гIишлош ярна. Хьалххе хIиттийна билламаш боцуш бен, дагадовларш дIадахьа реза яц Израил.

Гергара малхбалера дов дерзочу квартетан декъашхо ю Оьрсийчоь. Важа кхоъ – Цхьанатоьхна Штаташ, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организаци, Европан Барт а бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG