ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зудчунна тоххал майра къонах


Нохчийн а, гIалгIайн хелхаран тоба оьрсийн Павлодар гIалахь кавказхойн хелхарш деш, 25ГIа2000
Нохчийн а, гIалгIайн хелхаран тоба оьрсийн Павлодар гIалахь кавказхойн хелхарш деш, 25ГIа2000

ГIалгIайчохь бехачу нохчийн проблемаш ю, къомах нохчий хилар бахьана долуш. Нохчийчоьнан луларчу республикехь Хазаллин салон чохь болх беш хиллачу нохчийн зудчо арз дина Нохчийчура адамийн бакъонашларъярхошка, шена а, кхин а цхьана нохчийн жимчу стагана а йиттина ГIалгIайчура полисхочо. Вуьш, цу харцонга а хьоьжуш, лаьтташ хилла. Вайнехан цхьаболчу векалийн вовше хьагI хилар совнах, зудчунна тIе куьг дахьар магош хIума хета.


ХIокху деношкахь, Нохчийчурчу адамийн бакъонашкахула векалалле, арз дина, ГIалгIайн махкахь ехачу нохчийн цхьана зудчо, шен Несар-гIалахь къиза йиттина аьлла. Иза могIарера дов а лаьрра дуьтург хира дара терго а ца еш, амма, зудчуьнна тIе куьг кховдинарг, стаг ву а бохуш, полицийн белхахо вацахьарий.
И хIума хилла ду цхьа бутт сов хан хьалха.

Несар-гIалахь цхьана нохчийн кIантан, меттигерачу гIалгIаша етташ тIенисъеллачу оцу зудчо, ша болх бечу чу вигина хилла иза. ТIаьххье чу а баьхкина, юха а оцу кIантан а, оцу зудчуьнна а йиттина цара. Тер-мера а ца тоьхна оцу тобанна юккъахь хиллачу полисхочо Хамхоев Мохьмада. Зудчуьнна бетах мосуьйтуха буй а тоьхна, цо. Цу меттахь важа йоьжна. Соьлжа-гIала дарбан хIусаме дIайигна, цуьнан йоьхь тIе, массийта маха баьккхина.

ХIинца и зуда лелаш ю, гIалгIайн ницкъаллийн структурашкахула, шена йиттинчу полисхочуьнна таIзар дайта гIерташ. Амма, цхьа а тайпа йист ца яьлла.
И гIуллакх, талла хьакъ долуш ду, цундела, иза катоьхна дан деза аьлла хета, нохчийн бакъонашларъярхочуьнна Бадалов Русланан. Маршо радиога цу хьокъехь цо ишшта элира.

Бадалов Руслан: «Суна и хIума хезна ду. Бакъдерг дийцича, тхан цхьанатуохаралле а , ян «Мемориалан» декъе а ца дина и арз. И кехат схьа а эцна, толлура ду оха. Цу тайпа хIумш, хилла ду даиманна. ТIом буола белча дуьйна, хIуьлуш схьадогIуш ду иза. Ваша вешийца а, лулахочуьнца а, таслуш хилла хIумш ду. Цхьаболчарна, уьш кIезга ялахь а, тIаIзар хилла меттигаш а хааелла суна. Къоманна юккъе доьвне даларна кхоьруш, оха даиманна сагаттадина».

Вайнехан юккъараллехь, даиманна, уггаре емал дечарах хIума ду, зударшна тIекховдар. Ткъа, нехан, зудчуьнна тохар хьов, тIе куьг хьакхадалар а, эхье лоруш хIума хилла. ХIинца, и гIиллакхаш, довш ду, Iуьйранлера дохк санна. Нохчийохь далахь а, ГIалгIайн махкахь далахь а, иза дина аьлла хезча, цхьа а цец ца волу, элира бакъонашларъярхочо Бадалов Руслана.

Бадалов Руслан: «Нохчийочхь я ГIалгIайн махкахь хуьлийла иза, ницкъаллинй структурашкахь болу нах, зударшца оьвхьаз а бовлуш, царна тIе куьг а Iуттуш, тоха а тухуш, харц мел доцург а, боьха мел дерг а дуьйцуш, шен йишига а, нене а дийцича лалун доцу хIуманаш кхечаьрга дуьйцуш меттигаш дукха нисъелла. Оьздангаллийца хийцамаш кIезга бу. Хьалха а иза хилла ду, хIинца иза долуш а ду. Кепека мах ца хета царна, оьвхьаз бовла а, зудчуьнна тIе куьг кховдо а, тоха а. И хумш магийта йиша яц. Цаьрца къийсам латто безаш бу».

Несар-гIалахь хиллачуьнна бахьан кхин ца го, нохчийн журналистан а, бакъонашларъярхочуьнна Саратова Хедина. Цо бахарехь, иза тIаьхьалонаш ю, шина мехка куьйгалло, доза къуьйсуш хиларна. И хIумаш, кхин кIорге ма далахьара, ю ша бохуш элира цо.

Саратова Хеда: «Суна цхьа хIума хаьа. Абдурахмановс дозанех лаьцна арахецна долу и омра, интернетехь дукха чIогIа дийцаре деш ду. «Нохчий цкъа а ца хиллера вайна доттагIий олу гIалгIаша, ночхаша а олу изза. И ду оцу шина паччахьо, тахана нахана юккъахь динарг. Нахана сингаттам хила мегаш бу-кх тахана. Хьалха со, 95 регион машенца кхоьруш яцара ГIалгIайн махкахула лела, амма, хIинца кхерам бу-кх соьгахь. Изза хьал гIалгIайн а ду аьлла хета суна Нохчийчу бохучу гIалгIайн а».

Саратова Хедас а тидам бо, тахана, миччанхьа, шайгахь герз хилчхьана, шайна хIуъа чекхадера ду моьттуш нах хиларна. Иза, мел халахетахь а, долуш ду, элира цо.

Саратова Хеда: «Тахана цхьаболу буожарий, шай хаьнтIехь герз хилчхьана, миччанахь чу а бахана, хIуъа а харцо йийца йиша йолуш бу аьлла хеташ бу. И хIумш ма хилахьара аьлла-м хета суна. ХIан хIа, вайна юккъахь и нах бац ала а ца яхьа со».

Амма, ша дерг дац дайна, бохуш хетарш а кIезга бац вайнехан юккъараллехь. Зударшца, ур-аттала базарахь мах бийца эхье хеташ берш а бу шорта. Кхиъ хьалха, туьйранашкахь дуьйцуш ду, йоIах халхарехь ларамаза пIелг хьакхабелча, кIанта, шаьлт тухий иза дIабоккхура бохуш. Оцу оьздангаллийн зил хадийна а ца Iаш, иза хьошучу нахана, тахан дан хIума дац. Амма, зудчуьнна тоьхна долу тIара а, куьг а, маца а Iедалера агIора ца дерзахь а.
XS
SM
MD
LG