ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зударийн бакъонаш ларъян Iалашо йолу деклараци къобалъйина Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн Организацехь


Бусулба а, Малхбузера а пачхьалкхаша къобалъйина Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин зударшна а, зудаберашна а дуьхьала ницкъ баккхарца къийса Iалашо йолу деклараци. Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Комиссин оцу тIедиллар доцучу декларацино бахарехь, зударшна тIехь ницкъ бар бакъдан йиш яц «гIиллакхашца, Iедалца я динан бахьанашца». Кхуьуш хенахь дуьйна зудаберашна контрацепци Iамор доьхуш а кхайкхам бо декларацино.

ПIераскан дийнахь иза тIеийцира Риман-католикан килсано а цхьацца хийцамаш бе боххушехь. Цул сов, ГIажарийчоь, Оьрсийчоь а, кхин цхьаццайолу пачхьалкхаш а кхоччуш буьззинчу барамехь реза яцара декларацина.

«Бусулба-вежарийн» партино урхалла деш йолчу Мисар пачхьалкхо а чIагIдора, оцу «декларацино юкъаралла йохор ю» бохуш.

Зударийн бакъонаш ларъечара элира, декларацино маьIне прецедент кхоьллина, дерриг дуьненарчу зударийн бакъонаш ларъеш.
190 пачхьалкхо дакъа лецира дагадовларшкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG