ТIекхочийла долу линкаш

Урдунехь веха Iилманча, лингвист, иттех дуьненан мот хууш волу нохчо Бено Набил. Цхьана муьрехь, 1970-чу шерашкахь, Маршо Радиохь болх а бина цо. ХIетахь шен кхечу гоьваьллачу нохчочуьнца, политологца Авторханов Iабдурахьманца лелла гергарло цкъа а ца дицло Набилна.

Мюнхенехь шаьш Авторханов Iабдурахьманца мерза яьккхина зама дагалоьцуш, Набила дийцира мел чIогIа хьаьгна вара шен даймохк, Нохчийчоь, ган дуьненна а вевза диссидент, Советан Iедалан хатI ма-дарра нахана довзуьйтуш хьийза сийлахь нохчо.

ЛадогIа Набилан дагалецаме.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG