ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркана жоп делла Оьрсийчоьно


Оьрсийчура Iедалшца йоьзна йоцучу организацешна талламаш бар хьокъехь Iамеркан позицино гойтуш ду, Цхьаьнатоьхна Штаташ Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIерта дагахь хилар аьлла хета Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан официалан векална Лукашевич Александрна.

Цу кепара мах хадийна цо Iамеркан Пачхьалкхан департаментан векло Нуланд Викторияс динчу дIахьедарна. ПIераскан дийнахь Нуланда аьллера, Оьрсийчохь Iедалех йозуш йоцучу организацишна талламаш бар «алмазшна тIе талла эхар» ду аьлла.

Лукашевичан комментари зорбане яьлла Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан интернет агIон тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG