ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шийла ю Европехь: латош заза дац, декаш олхазар дац


Австри - Альпаш, 04Оха2013
Австри - Альпаш, 04Оха2013

Тамашийна хенан хIоттам лаьтта Европехь кху тIаьхьарчу беттанашкахь. Iаьнан уггаре а шийла хила декхар долчу хенахь тов лаьттира, ткъа хIинца, бIаьсте юккъеяьлча а, шелонаш а, гIура а дIа ца йолу. Iилманчаша глобала Iаламан хийцамийн билгалонаш лору иза, ткъа вайнаха-м „тIаьхьарчу заманан“ аматаш лору.


Тамашийна хенан хIоттам лаьтта Европехь кху тIаьхьарчу беттанашкахь. Iаьнан уггаре а шийла хила декхар долчу хенахь тов лаьттира, ткъа хIинца, бIаьсте юккъеяьлча а, шелонаш а, гIура а дIа ца йолу. Iилманчаша глобала Iаламан хийцамийн билгалонаш лору иза, ткъа вайнаха-м „тIаьхьарчу заманан“ аматаш лору. Азимова Сийлахас дуьйцу Европехь дахделлачу Iаьнах лаьцна.

1969 шарахь дуьйна иштта шийла а, тIеда а, кхоьлина а, уьне а еана яц, аналисташа дийцарехь, Европехь бIаьсте. Цу рекордо ша-башха кхоллараллин шовкъ а юккъеяьккхина бахархошлахь. Интернет-машанахь вуно шуьра даьржина ду, масала, цхьаммо лайх винчу гIура-дадин сурт, Iа кIордийначара лаьтта охьа а вожийна, ша вуду-бозбуанчийн тайниг санна, гайчу арсаш диттина, Iуьллуш волу. Амма бIаьсте хIуммаъ тIекхача дагахь яц. Мелхо а, еари дийнахь а, пIераскан буса а Австрехь а, Германехь а, Италехь а, Францехь а ткъо сантиметр герга керла ло тессина.

Австрера лаьмнаш - Альпаш, 04Оха2013
Австрера лаьмнаш - Альпаш, 04Оха2013
​И бохург ду, цу тамашийна шийлачу хенан хIоттамо охан баттахь хIуммаъ оханаш дан таро ца ло бохург. Эзарнаш юьртбахамхой бу Европехь дела денна зенаш ловш, шело бахьана долуш хастоьмаш тIе ца бовлуш, ткъа дIадийна хIу, латта дукха тIеда хиларна, дахкалуш. Зенаш ловш бу, гIура бутт бовшшехь, даима а шайн кафейн а, ресторанийн а уьйтIахь гIенташ а хIиттадой, туристашна а, меттигерачарна а арахь кхачанаш а, кофе я йий хIоттош хилла долахой а. Ткъа мерза ша бухкучеран кху бIастенах догмовла бовлар-м дийцина а вер вац.

Юкъарчу хьесапехь цхьана Австрехь 150 миллион евро сов зе хир долуш ду бIаьсте стиглахь йиссар бахьана долуш. Ткъа цу, ахчанца дуста йиш йолчу, зенел а халох ду нахана тIехь цу кепара дахделлачу Iаьно беш болу тIеIаткъам: цаьргахь кIеззиг бен ницкъ ца бисина, дахарх, - даима а бIаьста хуьлуш ма-хиллара, самукъадалар дац, депресси лазар кхеттачеран терахь алсам долуш ду. Ткъа и бохург ду, иштта а Европехь уггаре а дукха ша-шена тоьхна беллачийн терахь долчу Венехь, шена тIе куьйгаш кховдийнарш я иза дан лууш берш алсам бовлуш бу, бохург.

Венехь бехачу нохчашна а чIогIа Iаьткъина кху шарахь бIаьсте тIе ца кхочуш, сел дуьхьал ялар. Дукха бу кхузарчу нохчийн доьзалшкахь цомгуш хиларна ишколе я балха ца бахлуш, биснарш. Венерчу Европехь уггаре а яккхийчехь самукъадаларан парк ларалучу цIеяхханчу Пратерехь болх беш ю масех шо хьалха Австре яха схьаена йолу Сацита. Цуо дуьйцу, хIора шарахь хIоккху хенахь берийн деларех а, самукъанечу аьзнех а гIовгIане хилла Пратер хIинца, байлахь йисича санна, еса лаьтташ ю, бохуш.

Сацита: „Цхьа ши де деанера довха, тIаккха бераш а схьадуьйладеллера Пратере. Амма юхахьовзийначу шелонах къаьхкина и бераш а, церан дай-наной а кхин ца догIу цу парке. Со суо а цигахь шелъелла, цомгаш хилла, хIинца бен араяьлла а яц балха. Иштта цомгашниш мел дукха бу, грипп йолуш, шелбелла. ХIара санна шело-м суна кху хенахь гина а яц кху Австрехь. Уггаре а хаза хан хила езаш ма ю хIара, доллу дуьне а самадаьлла. Стохка хIоккху хенахь доца пхьуьйшаш долу кучамаш а йоьхна лелара нах, хIинца-м и кетарш а, и куйнаш а лелон дезаш ду. Тамашийна шело ю-кх хIара кхузахь хIоьттинарг“.

Австри - Венерчу школера бераш ду пепан дитта чохь мутт "самадаьллий" ладугIуш. БIаьстенан юьххьехь уггар хьалха пепан диттан чохь самадолу олу мутт. 04Оха2013
Австри - Венерчу школера бераш ду пепан дитта чохь мутт "самадаьллий" ладугIуш. БIаьстенан юьххьехь уггар хьалха пепан диттан чохь самадолу олу мутт. 04Оха2013
Маршо радио: Сацитас ма-дийцара, дукха бу, иммунан система шелоно гIелйина, цамгарш кхеттарш а. ХIора шарахь Европехь яьржаш йолчу грипп-лазаран тIулгIе, бIаьстенан юххьехь лахлуш я янне а дIайовш хилла йолу, хIинца керлачу гуонехь яьржаш ю. 250 эзар стаг ву карарчу хенахь грипп йолуш цхьана Австрехь. Говзанчаша дийцарехь, коьртачу декъехь шело а яц и адам цомгуш деш ерг, - кхоьллина латтар, маьлхан зIаьнарш а, серло а ца хилар ду.

Адамашца нийса балахьоьгу бIаьстенан йовхо ца хиларна дийнаташ а, акхароша а. Эзарнаш хьуьнан пхьагалш хIинцале а елла, латта дукха шийла хиларна я хьаннашкахь хIинца а Iуьллуш ло хиларна, бохуш саготта бу меттигера дийнатийн лоьраш. Иштта балехь ду олхазарш, бIаьста йовхачу махкашкара даймахка цIадоьрзуш долу. Уьш стиглахь тIома догIучу хенахь шийлачу мохо хьовза а дой, шаьш юьхьаралаьцначу некъах тила а тилий, ле, орнитологаша дийцарехь.
XS
SM
MD
LG