Советийн заманахь дуьйна даздо Оьрсийчоьно Космонавтикан де. 1961-чу шеран Охан-беттан 12-чу дийнахь дуьххьарчу стага - Гаргарин Юрийс - гобаьккхира дуьненна. Цул тIахьа бархI шо даьлча бен ца хилира космосехь шолгIа адам, Iамеркахо Армстронг Нейл. Вашингтонерчу Аэронавтикан хIусамехь даьхна хIара суьрташ Маршо Радион суьйлийн редакцин корреспондента Дугричилов Муртазалис.
Космонавтикан Де даздеш ю Оьрсийчоь
1
Вашингтонерчу авиацин а, космонавтикан а халкъан хIусамехь ю Советан пачхьалкхан космонавтан Гагарин Юрийн скафандр а, каранаш а, эткаш а, кхидолу духар а.
2
"Союз-Аполлон" цIе лелийначу талламан центран капсула.
3
Apollo-13 ракетаца Батта тIе кхаьчначу космонавтан гIирс.
4
Батта тIехь хилла талламан машен.