ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Магнитскийн Тептар" - 18 стаг


Оьрсийчоь - Магнитcкая Наталья, Магнитский Сергейн нана, Москох Сахаровн центрехь, 08Оха2013.
Оьрсийчоь - Магнитcкая Наталья, Магнитский Сергейн нана, Москох Сахаровн центрехь, 08Оха2013.

Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа Оьрсийчохь адамийн бакъонаш хьешарна, «Магнитскийн тептар» тΙе дΙаязвина 18 стаг вовзийтина пIераскана. 2009-чу шарахь набахтехь адвокат Магнитский Сергей верна бакъоларъярхоша бехке бен нах хилла ца Ιаш, адамаллина дуьхьал гΙарадевлла зуламаш динарш а бу «тептара» тΙехь. Массех нохчо а ву царалахь.




Хьалхо официалехь а доцуш, цхьаццайолчу хьостанаша гIараяьккхинера "Тептар" тIе язван тарлучу 60 стеган цIе. Амма уьш юьйцийла дац Цхьанатоьхначу Штататийн Iедало шегара хаам баржабаллалц. ХIорш бу Вашингтоно цкъачунна бовзийтина нах. Нохчех дерг аьлча, "тептар" тIеваьккхина Богатырев Леча бехкево Венехь мухIажир Исраилов Iумар верна. Дукузов Казбек лору Штаташа Москох Forbes журналан коьрта редактор, шайн махкахо Хлебников Пол вийнарг.



Богатырев Леча, Ιаьшхойн-Юьрт, Нохчийчоь.

Дроганов Алексей, Пушкин, Москох-мохк.

Дукузов Казбек, Хьалха-Мартана, Нохчийчоь.

КАРПОВ Павел, Москох.

Химина Елена, Москох.

Комнов Дмитрий, Кашира, Москох-мохк.

Криворучко, Алексей, Москох-мохк.

Кузнецова Артем, Бакох, Азербайджан.

Логунов Олег, Иркутск-мохк.

Печегин Андрей, Москох-мохк.

Подопригоров Сергей, Москох.

Прокопенко Иван, Винница, Украина.

Сильченко Олег, Самарканд, Узбекистан.

Сташиной Елена, Томск.

Степанова, Ольга Москох.

Толчинский, Дмитрий, Москох.

Ухналева Светлана, Москох.

Виноградова Наталья, Мичуринск.
XS
SM
MD
LG