Мел лаххара а 24 стаг вийна Иракъехь, лелхийтарш а дина. Цхьаболчу хаамашца, вийнарг 32 стаг ву. 200 гергга стаг лазийна ву.
Терроран тIелатарш дина БагIдадехь а, Туз-Хьурматохь а, Фаллуджехь а, Киркукехь а, ткъа иштта кхечу гIаланашкахь а. Цхьайолчу гIаланашкахь лелхийтинарш машенаш ю.
Цкъачунна, иза динарш шаьш ду аьлла, гучубевлла нах бац. И лелхийтарш хилла Iедалш махкахь меттигера харжамаш дIабахьа кечлуш а долуш. Харжамаш хир бу кху беттан 20-чу дийнахь, Иракъан 12 провинцехь.