ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанахоша хоржур вац республикан куьйгалхо


Дагестанан парламенто сацам бина, цигахь, массо а наха дакъа а лоцуш, республикан куьйгалхочуьнан харжамаш ца бан. Цу хьокъехь кхаж тасар дIадаьхна депутаташа Еарин дийнахь.

Царах 74 стаг дуьхьал вара бахархоша харажам барна. Исс-реза вара, кхоъ парламентехь воцуш вара.

Цхьана ханна Дагестанан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш деш ву Абдулатипов Рамазан. Цу дарже иза хIоттийна президенто Путин Владимира, кху шеран Дечкен-бутт чекхболуш.

Шоьтан дийнахь республикехь президентан харжамаш дIабахьарх лаьцна хаттар кхоже дуьллур ду ГIалгIайчоьнан парламенто а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG