ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIехьа хьажий бен дош ма ала, хьалха хьажий бен ког ма баккха


Германи -- Штази цlарца евзаш хилла йолу Малхбале Европерчу къайлахчу полицехь хиллачу архивера документийн сурт, 22Ман2009
Германи -- Штази цlарца евзаш хилла йолу Малхбале Европерчу къайлахчу полицехь хиллачу архивера документийн сурт, 22Ман2009

Бостонехь терроран эккхийтарш хиллачул тIаьхьа Германехь бехачу вайнахана тIехь терго яр алсам даьккхина цу махкарчу Iедалхоша. Немцойн хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, цигахь бехаш болу эзарнаш нохчийн мухIажарш шайна тидаме лаьцна къайлахчу сервисан белхахоша.

Нагахь санна немцойн махкахь ехаш йолу цхьа нохчийн зуда берана шур эца туькана араялахь я цхьа боьрша стаг, сагатдала волавала дагахь, чуьра ара валахь, - ткъа иза ша санна болчу шен къомах нахаца цхьаьнаветталуш велахь я маьждиге оьхуш велахь-м муххале, - цунна дIахоийла ша мел йоккхуш йолу гIулч Германин БНД олучу кхайлахчу сервисан белхахоша тергалъеш юйла. И тайпа сацам бан догIу кху деношкахь меттигерачу хаамийн гIирсаша, къайлахчу сервисера хьостанна тIе а тевжаш, бечу хаамашкара.

Цу хаамашца, Германехь бехаш болчу эзарнаш нохчийн мухIажарех я цу пацхьалкхан олалла тIеэцначу вайнахах, 120 стаг кхераме ларалуш ву, шайгара даккхийчех зулам дала сахьт а доцуш. Ткъа царна юккъехь, мел кIезга а, цхьа стаг - цуьнан цIе, кхеташ ма-хиллара, йовзуьйтуш яц, вуно чIогIа кхераме ларалуш ву. И хаам баржийнарг немцойн „Билд“ газета ду.

Кхечу хаамийн гIирсо, „Фокус“журнало, цуьнца цхьана билгалдоккху, тIаьхьарчу хенахь Германе схьаоьхучу нохчийн терахь хаддаза алсамдолуш хилар. Цуо далочу терахьашца, 2012-чу шарахь цул хьалхарчу 2011-чу шарахьчул шозза алсамох нохчийн мухIажарш баьхкина Германе. Аьлча а, 3202 стаг вара уьш. Ткъа кху карарчу шеран хьалхарчу кварталехь тоххарехь 3000 стаге кхочуш лаьтта керла тIебаьхкинчу нохчийн терахь.

Кхузахь ала догIу, цхьа а шо дац немцойн хаамийн гIирсашкахь, оццу БНД къайлахчу сервисан белхахошна тIе а тевжаш, хаамаш баржийна хилла, Германехь Iаш болу нохчий – кхузахь бехачу кхечу къоман тобанел дуккхаъ машареха а, низамца гергарло лелош а бу, бохуш.

Уьш я хIара аьлла криминала тобанашца уьйраш хиларца гIарбевлла а бац, я радикалан исламистийн хьежамаш боькъуш а бац, бохуш дара хIетахь Iедалхоша дийцинарг.
ХIинца Бостонехь хиллачу бохамна бехке ши нохчо ларар бахьана долуш шеконашца хьежа буьйлабеллачух тера ду немцойн Iедалхой меттигерачу вайнахе, шаьш уьш дукха хан йоцуш мел кхерамаза лоруш хиллехь а.
XS
SM
MD
LG