ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Арахьара агент» санна яз ца яларна 300,000 сом такхар тIедиллина "Голос" организацина


Москохарчу кхело гIуда тоьхна Iедалх йозуш йоцчу, оьрсийн харжамашна тIехьожучу «Голос» организацина. «Арахьара агент» санна яз ца яларна 300,000 сом такха деза хIинца цу организацино. Цуьнан директор Шибанова Лилияс 100,000 сом гIуда дала деза Iедална.

Даханчу шеран Лахьан-баттахь Оьрсийчохь тIеийцира шеконан низам. Оьрсийчохь мел йолу, Iедалх йозуш йоцчу, арахьара ахчанаш оьцучу организацешна цо тIедуьллу, арахьара агенташ санна Iедалан хьесапе яздалар. Амма «Голос» организацино чIагIдарехь цара кхин ца оьцу арахьара ахчанца долу гIо. Цундела уьш «арахьара агенташ» лорийла дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG