ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн кIентий бехке бац, боху ЦарнаевгIеран дас-нанас


Линкана тIе

Царнаев Анзора а, Зубейдата а шаьшшиннан ши кIант бехке вац Бостонехь хиллачунна, аьлла, юха а дIахьедарш дина тахана ХIинж-гIалахь хиллачу зорбанан конференцехь. Царнаева Зубейдат: "Цара шаьш цкъа а гойтур вац тхуна боху ЖовхΙар, тхо цига долхахь а, набахте дΙакхачийча бен гойтур вац боху. Цара тхо террористаш ду боху, со а ю боху террорист, ас а цхьа талор дина боху. Хаьий шуна, цара хΙун боху? Цхьана-м операцина со а хилла боху кечам беш, со яра боху цхьаъ дан йоллуш...тайп-тайпана кхочу суна информаци... царна со а, хΙара а (цΙийнда) террорхойх тарлойла лаьа. ...ХΙун дина аш сан кΙантана? Иза дийна ма вара, стенна вийна аш иза, Гуантанамо я кхечанхьа дΙа ца хьажош, стенна вийна? Стенна? Стен оьшура иза вен? Иза, дийна кара ма ваханера, иштта дац иза? церан карахь ма вара иза..." Reuters video

XS
SM
MD
LG