ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Арахьа хIусамаш магийна, амма ахчанаш дихкина Оьрсийчуьра стоьлан дайшна


Стоьлан дайшна а, Iедалан декъашхошна а, депутаташна а, сенаторшна а махкал арахьа банкашкахь ахчанаш а, деза кехаташ а долахь хилийтар дихкина Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташоно. Оьрсийн президенто Чиллан баттахь Пачхьалкхан ДУМе хьажийна хиллачу низаман проекташ, шоьтан дийнахь къобалъйина лакхарчу хIусаман кхеташонехь.
Арахьа хIусамаш хилар ца доьхку цу низамо. Оццу хенахь, Iедалан дай декхаре бо, хIусам декларацина тIехь язъяр а, иза эца ахчанаш девлла меттиг а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG