ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркехь дIавоьллина Царнаев Тамерлан


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь дIавоьллина Бостонехь марафонехь лелхийтарш дарна бехкевеш волу Царнаев Тамерлан. Иза дIавоьллина меттиг юьйцуш яц. Полицино Еарин дийнахь баржийначу хаамехь дуьйцуш ду, Царнаевн дакъа кхин доцуш ду Массачусетс-штатерчу Вустер олучу гIалахь йолчу стаг дIавуллучу бюрохь аьлла. Цигахь латтош дара иза кху тIаьхьарчу масех дийнахь.

26 шо хилла Царнаев Тамерлан вийра Охан-беттан 19-чу дийнахь полицица хиллачу герзаш деттарехь. Цуьнан жимах волу ваша ЖовхIар чевнаш хилла ву полицино схьалоцуш. Иза суьде хьоьжуш ву Бостонна гена йоцуш йолчу набахтан хIоспиталехь.

Царнаев ЖовхIарна вен кхел ян мега аьлла хеташ бу меттигера зорбанан гIирсаш. Охан-беттан 15-чу дийнахь ши эккхийтар дар бахьана долуш 3 стаг вийна, 260 гергга стаг чевнаш хилла вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG