ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикаш лелош болу студенташ билгалбаха бакъо луш долу низам къобалдина ДУМАно


Наркотикаш, синIаткъам беш долу молханаш а лелош болу школийн, колледжийн, лакхарчу доьшийлийн студенташ билгалбаха бакъо луш долу низам къобалдина тахана Оьрсийчоьнан пачхьалкхан ДУМАно.

15 шо кхаччалц, берийн дайн-нанойн пурбанца, цул тIаьхьа, берийн шайн пурбанца бийр бу талламаш.

Цу юкъа догIу синIаткъаман говзанчашца къамелаш дар а, лоьрийн талламаш бар а. Нагахь санна, наркотикаш лелош хилар гучудалахь я шеко кхоллалахь, дешархо наркологашна тIехьажор ву. Оццу хенахь, стагах лаьцна информаци яржор яц боху, низамаш кховдорхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG