ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Комменташна дегабаам бина Кадыровс


Кадыров Рамзан шегара стоьладас кхаъ бехарна арз динчу Ибрагимов Бекханца, Инстаграм тIера
Кадыров Рамзан шегара стоьладас кхаъ бехарна арз динчу Ибрагимов Бекханца, Инстаграм тIера

Социалан машанаш уггар жигара лелочу стоьландайх ву аьлла, Оьрсийчура хеттарийн хьесапдина а далале, ша Инстаграм дIакъовла воллу аьлла дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Чувоьллинчара, хенал хьалха аравалийтинчу стагца даьккхина суртана кIоршаме комменташ йитина, цуьнан агIонна тIехь. Цхьана агIора, шега бахархоша дечу аьзнашна жоп дала хьожу Кадыров. Амма вукху агIора, цуьнан урхаллин кепо кхоьллина, махкахошна тIера кхо цIокха йоккхуш болу стоьландай.

Шен Инстаграмм дIакъовла мега ша аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дина дIахьедар, цхьана нисделла, цуьнца суьрт тIехь набахтехь чохь вала везаш волу Ибрагимов Бекхан гучуваларца. И жима стаг, Москохахь оьрсийн футболан фанат веран хьокъехь чу воьллина вара, амма, Нохчийчохь хан такха схьавалийна дукха хан ялле, хеналла хьалха аравалийтина хилар гучудаьллера инстаграмм чу боьвлинчаьрна. Иза дика лелла хилар бахьанца, низамашца догIуш ма хиллар мокъвалийтина, аьлла бехказ дуьйлу хIинца Iедалш.

Ша, Ибрагимов Бекхан Нохчийоьнан куьйгалхочуьнца цхьана суьрта тIехь нисвалар, хилла, цо динчу арз бахьанца. Набахтера мокъаваьллачу цунна, паспорт хуьйцуш, ахча дехна хилла Iедалан белхахочо. Цуьнах лаьцна хаам бина хилла цо, Кадырован Инстаграмм чу. Ши а схьа а кхайкхина, паччахьан амалехь, тоьхна даржхо балхар дIа а воккхуш, хIума динера мехка куьйгалхочо. Иза доьххьара а хилла дац. Ши-кхо де хьалха, ишшта балхара дIаваьккхина «Медицина катастроф» олучу лоьрийн центрера куьйгалхо. Ахчанаш лечкъош ду цо, аьлла, арз динера цигарчу цхьана белхахочо. Куьйгалхо дIа а ваьккхина, цуьнан меттан арз динарг хIоттина.

Ишшта масалш шорта ду. Кадырован Инстаграмма юьззина ю, наха гIо дехарех а, вовшах тIекхайкхарх а. Дукхуза баьхнера цо, Инстаграмма чу шега, цу тайпа гIо ма деха, оцу гIуллакхан леррин телефонан лоьмар а, леррина министралла а ю кхоьллина аьлла. Амма, нахана, нийса Кадыровга дан лууш ду арз, кхечуьнгачулла. Ишштачарах ву, Соьлжа-юьртахь вехаш волу Аслан цIе йолу жима стаг а. Дуьненахь тIетовжа кхин накъост ца карийна, Кадырован Инстаграм чу яздайтина цо дехар.

Аслан: «Ас смс хаам бахьийтина. Сайн йишийн ноутбук тIера а бина хаам. СО зуда а ялийна, деваша волчохь вехаш ву. 2006 шарахь «Водоканале» балха дIахоьттира со. Цигахь цомгуш хиллера, пехаш шел а дина. Девешийн йиъ йоI ю, кху чохь готта а ду. Рамзане ас дукха ладоьгIна. ГIо оьшучарна цо гIо дойла хаа суна. Сайн юьртахь хаьттича а хуура ду-кх, сайн таро а, могашалла а ялахьарий, ас сай гIуллакх дийра дуй, ян дацарий, цхьанга а хIумма а ца доьхуш. Сан алап 9500 сом ду.петар лацар 8000 сом мах бу. Иза суна тоьуш дац. деваша а ву шозза инсульт а хилла, меттахь висина».

Цкъачуьнна жоп хилла дац Аслана. Сатийсам ца бов шен, бохуш вара иза.

Аслан: « Тхайн юьртдега ас кхеташ чу деллера, таро йоцуш ву аьлла. Кехаташ а ша дерш дIаделлерпа ас. Бутт кхочуш бу, амма, соьца зIене ваьлла вац цхьа а стаг».

Кадыров Рамзанна, гарехь кIординчух тера ду интернетехула, мехка мел болу баланаш дерриге а дуьненна гIара бахийта. Шен Инстаграмм дIакъовла мега аьлла яздина цо, тахана. Наха шаьш цхьанна тIе а кхойкхий, тIаккха, даржхо жоьпе уозийча, цуьнах къахеташ хуьлу, аьлла, цецваьллчух тер ду, Нохчийчоьнан куьйгалхо. Шен Инстаграмм цо дIакъовлахь иза мискачу, гIо оьшучу нахана боккъулийна бохам бу аьлла тидам бо Аслана, шен тIекхаьчча, еллаелла галийн и бертак къовлалура яра аьлла тидам а беш.

Аслан: « Цо нахана деш долу гIуллакх хууш ду. Бозбончалхой а гучубаьхна цу чохь. Иза цо дIакъовлахь боккха бохам бу нахана иза. И цхьа меттига яра арз дIакхочуш йолу. Хьалха мэри вахнера со. Цигахь рагI а ца кхаьчна юхвеънера со. Смс-ца а, интернетца а гIуллакх хира дацара аьлла валлаш ву со. Цкъачуьнна телефон тоьхна а хIума-м дац».

Оьрсийчохь тахана, Интернетахь уггаре а чIогIа пайда оьцучу куьйгалхойх ву Кадыров Рамзан. Твиттер а, ЖЖ а, Инстаграмм а, йолуш ю цуьнан. Цо язъечу муьлхачу ресурсан дIаязлуш бу эзарнашкахь нах. I35 эзар сов стаг ву Кадырован Инстаграмм йоьшуш. Гарехь, гIо оьшучу нахана хетта а ца Iаш, царна а халахетара ду, цо иза дIакъовла

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG