ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин цхьа нохчо а вийна Ιамеркахь



Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Флоридерчу Орландо-гΙалахь кхаарий буса къайлахчу сервисан, ФБР-н, белхахоша шайна герзаца дуьхьало ечохь вийна 26 шо долу нохчо Тодашев ИбрахΙим. Иштта хаам баржийна меттигерчу Локан Ялх-ньюс телевизионо.

Дийцарехь, Бостонехь эккхийтар дарца доьзна вийначу Царнаев Тамерланца зΙенашкахь а, и санна, боксер а хилла Тодашев. Цуьнан доттагΙчо кхечу нохчочо Тарамов Хьусайна даредина вийнарг и хилар, чΙагΙдо Флоридерчу телевизионо.
Бостонера бохам толлуш хьалхо ФБР-о левина хилла боху Тодашев ИбрахΙим.

Цкъачунна кхин билгало яц официало иза верах лаьцна Ιораяьккхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG