ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Губернаторан офисна тIелатар дина Панджшерехь


Панджшер-провинцин губернаторан офисана тIелатар дина ОвхIанистанехь. Кху сохьта болчу хаамца, вийна полицин белхахо а, тIелатарехь дакъалоцуш хилла 6 стаг а. Меттигерчу Iедалан векло бинчу хаамца, полицин духар доьхна хилла 6 Iожалхо гIоьртина цигахь, чу а иккхина, лелхийтар дан.

Царах 5 вийна кхерамазаллан сервисан белхахоша, ткъа цхьаъ кхиина ша эккхийта. Цу эккхийтарехь вийна полицин белхахо. И тIелатар шайна тIелаьцна тIалибаша.

Панджшер уггара кхерамазалла йолчу провинцех цхьаъ лоруш ю ОвхIанистанехь. Цу тайпа хIуманаш наггахь а бен ца хуьлу цигахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG