ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин: Герзийн барт бина, амма дIа ца хьовсийна уьш


С-300 олу хIаваэрчу герзашна дуьхьало еш йолу ракетийн комплексийн хьокъехь болу барт кхочуш база бу, аьлла дIахьедар дина оьрсийн президента Путин Владимира, Европан Барт – Оьрсийчоь саммит Екатеринбургехь чекхяьлча вовшахтоьхначу зорбан-конференцехь вистхуьлуш. Шема и герз дIакхачорца чIагIбина барт дуьненаюкъара низамашца богIуш бу, аьлла билгалдаьккхира Путина.

Шеман оппозицина герз латторан хьокъехь хилла эмбарго Европан Барто дIаяккха бинчу сацамца критика йира Путина. Муьлхха а, Шемара хьал дерзон арахьара тIеман ницкъ лелон хьажарх гIуллакх хир дац, элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG