ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаев ЖовхIар кхелана хьалха хIоьттина Iамеркехь


Бостон-гIалахь марафон дIахьош эккхийтар дарна бехке веш волу Царнаев ЖовхIар Iамеркехь Массачусетсан федералан кхелана хьалха хIоьттина Кхаарин дийнахь. Цо тIе ца лаьцна шена дохкуш долу бехкаш. Дерриг а цунна бехке дуьллуш ду 30 зулам дар. Цул тIаьхьа, зорбанан гIирсаш дийцарехь, куьйгех гIоьмаш а тоьхна, дIавигина Царнаев кхелера.

РогIера ладогIарш хир ду Бостонехь федералан кхелехь Гезгмашин-беттан 23-чу дийнахь. Нагахь иза бехке хилар тIечIагIдахь цунна вен кхел йира ю, я иза чувуллур ву валлалц набахтехь хан яккха.

Бостонехь лелхийтарш дина аьлла шеко йолуш лоьхуш хилла ЖовхIаран воккхах волу ваша – Тамерлан вийра полицица хиллачу герзаш деттарехь.

Кху шеран Охан-беттан 15-чу дийнахь Бостонерчу марафонан финишехь ши эккхийтар дар бахьана долуш вийна 3 стаг. 260 сов - чевнаш хилла вара. ВоьалгIаниг ву Охан-беттан 19-чу дийнахь Царнаев Тамерлан а, ЖовхIар а лоцуш хиллачу чевнах велла полицин белхахо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG