ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Палестина а, Израил а машаре уьйзу Керрис



РогΙехь хилла доцу бертан цхьаьнакхетарш дΙахьош ву Малхбалехь Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретарь Джон Керри. Палестинан президентца Ιаббас Махьмудца Рамаллехь къамел дина цо пΙераскан дийнахь.

Хьалхо иза цхьаьнакхийтира Палестинан агΙор бартбийцархойн тобан куьйгалхочуьнца ΙарикΙат СаΙибца Урдунехь. Хьостанаша бахарехь, Палестинана ша Израилца дечу къамелийн маьΙна го, нагахь санна шина пачхьалкхан доза 1967 шарахь хиллачу метте дΙахΙоттор дийцаре деш делахь. Ткъа Израило цхьа а закъалташ а ца хΙиттош долон деза боху бертан къамел.

Керри Джонан Ιалашо ю кхо шо хьалха хедда дийцарш меттахΙиттон. Израило ша дΙалецначу Палестинан лаьттанаш тΙехь гΙишлош йогΙар бахьана долуш ийгΙира шина мехкан юкъаметтигаш хΙетахь, юкъахделира бертан къамел а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG