ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъо йоцуш, интернете ехкинчу киношка, видеошка ца хьожуьйту низам болх бан доладелла тахана Оьрсийчохь


Москох-гIалин кхело, бакъо йоцуш кинош гойту интернет-сайташ дIакъовларх лаьцна хаамаш тIебохкур болу сайт схьайиллина тахана Оьрсийчура Роскомнадзоро. ХIокху беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна болх бан доладелла, «антипиратийн низам» олу, интернетере интеллектуалан бакъонаш ларъярна лерина низам.
Бакъо йоцуш кино а, кхин ерг а тIеюьллуш йолу сайташ дIакъовлийтаран рагI хIоттийна цу документо. Цкъачунна иза видео, телевизионан а, кинойн а сурсаташ ду.
Гурахь хир йолчу сессехь интернетехь бакъо йоцуш мукъамаш а, компьютерийн ловзарш а, компьютерийн программаш а йохкучу сайташна дуьхьало еш йолу санкцеш яхар дуьйцур оьрсийн ДУМин депутаташа.
Интернетан векалш реза бац, низаман таханлерчу кепана. Цунна дуьхьала дIахьедарш дина Mail.Ru Grooup, «Яндекс», «Афиша-Рамблер-СУП», «Google Россия», Ozon.ru-но а.
Оьрсийн интернетехь дуьхьалонан акци дIахьуш ю 1700 хиллал сайт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG