ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозицица барт бан дагахь вац Асад


Шеман президенто Асад Башара дIахьедар дина гIаттамхошца политикан дагадовларш хуьлийла дац аьлла. Димашкъехь вист хуьлуш Асада кхайкхам бина, герзаца йолчу оппозицина дуьхьал аьчкан буй баккха беза аьлла. Цо юха аьлла гIаттамхой террорахой бу аьлла.

Асад Башара дийцарехь, шемахоша харжам бан беза пачхаькхехь низамаш леларна а, цунна жоьлкаша а, бандиташа а урхалла деш хиларна а юкъахь. Дуьненаюкъарчу вовшахтохараллашна хетарехь, Шемахь доьдуш долчу девнехь вийна 100 эзар гергга стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG