ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шуьйтара хьаннаш эрна теллина эскарша



КΙира хьалха Шуьйтан лаьмнашкахь гΙаттамхой лохуш айина операци жамΙаш доцуш ерзийна Нохчийчоьнан администрацино. Хьоьрсана гергахь, хьаннашкахь, Марсхьокху-беттан 3-чохь шайна хаавелла тΙемало верца болийнера Ιедало и рогΙера барам. Вийнарг вара Гелдаганара вахархо. ХΙетахь и тΙематасадалар хилча, кхечу къошташкарчу лаьмнашкахь къайлабевллачух тера ду тΙемалой, бохуш бу операцехь дакъалаьцначех цхьамма прессехь бен латкъам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG