ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парламент...харжамаш...моттаргIа


Нохчийчуьрчу парламентан сайт (скриншот)
Нохчийчуьрчу парламентан сайт (скриншот)

ТΙебогΙучу баттахь карлаер ю Нохчийчуьра парламент. Харжамашна кечамаш бен мур дΙаболийна махкахь Ιедалша. ХΙун нах кхочур бу рогΙерчу низамхойн тобане? Мел теша бахархой парламенто къоман дахар дикачу тΙегΙантΙе кхачор ду бохучух?




Коьртачу харжамийн коммисин хьостано хааме даккхарца кху беттан10-чу дийнахь дуьйна харжамхойх шайна тIеберзо,шайгахьа а,шайн политикан партешкахьа а кхаьжнаш тийсийта болх дIаболийна парламентан декъашхой хила дог-ойла йолучара.

Низамо ма-хьоьхху, цуьнан цхьа а хьаьрк а, дош а гал ца долуьйтуш, кеп чIогIа ларьеш, дIадолийна Нохчийчохь рогIерчу политикан кампанина кечамбар. Кхожа кIел йоьдучу партийн дукхалла а йолуш ю - уьш вуьрхIитта ю. Парламентехь халкъан векалш хила Iалашо йолучийн могIарш а бу Iаламат луьста: 41 меттиг къовсуш верг ву 788 стаг. Вуьшта аьлча, Нохчийчохь цхьа мандат къовсуш ву 18-19 стаг.

Телевизионехь а, радиохь а шайгахьа маьхаза агитаци дIаяхьа, харжамхошна шайн программаш дIайовзийта, шаьш церан бен болчу аьттонах, тодийр долчу дахарх дийцийта билгальяхна ю эфиран хенаш.

Гуьйренан хьалхарчу баттахь хинболчу парламентан харжамашка могIарерчу бахархойн болчу хьажамех, церан хьокъехь царна хетачух аьлча, иза цуьрриг керла дац. Царна гергахь, иза эрна ахча а, хан а яйар ду. БIеннашкхахь бу махкахь хIинцца соьца къамел динчу соьлжагIалахочуьнан санна хьажам берш. Хинболчу харжамех цо элира.

«Ас цхьа чIагIо йийр яра, цигара депутатийн гIанташ цхьа а десса дуьсур дац аьлла. Бакъду, со ишта чIагIо ян-м ваьхьар вацара, уьш халкъо хаьржина, халкъан векалш бу аьлла. Кегийчу берашна а хаьа кхузахь депутаташ харжаран метта цига хIиттош буйла. Со-м цу кхаж тосийле цкъа а воьдуш вац. Со саннарш жа санна дукха бу, амма цара гIарабоккху гайтам-м хуьлу, цхьа стаг махках а ца волуш, и кхаж тосу де лардеш цIахь Iийча санна».

Цу кепара къамел дира харжамийн хьокъехь шен цIе йоккхийла ца лиинчу ГIаларчу вахархочо.

РогIера политикан кампани Iедалехь болчеран аьллар-луурца дIайоьрзур хиларан лач тоьшалла лара догIу, схьахетарехь, хьалхалера парламент а. Цуьнан 41 декъашхочух 37 урхаллехь йолчу «Оьрсийчоьнан цхьаалла» партин декъашхой бара. Вайнехан Iедалехь аьлча, цуьнан йиша лара йогIучу «Справедливая Россия» партина кхачийнера дисина диъ мандат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG